История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...
Своеобразие русской архитектуры: Основной материал – дерево – быстрота постройки, но недолговечность и необходимость деления...
Топ:
Эволюция кровеносной системы позвоночных животных: Биологическая эволюция – необратимый процесс исторического развития живой природы...
Комплексной системы оценки состояния охраны труда на производственном объекте (КСОТ-П): Цели и задачи Комплексной системы оценки состояния охраны труда и определению факторов рисков по охране труда...
Генеалогическое древо Султанов Османской империи: Османские правители, вначале, будучи еще бейлербеями Анатолии, женились на дочерях византийских императоров...
Интересное:
Национальное богатство страны и его составляющие: для оценки элементов национального богатства используются...
Инженерная защита территорий, зданий и сооружений от опасных геологических процессов: Изучение оползневых явлений, оценка устойчивости склонов и проектирование противооползневых сооружений — актуальнейшие задачи, стоящие перед отечественными...
Искусственное повышение поверхности территории: Варианты искусственного повышения поверхности территории необходимо выбирать на основе анализа следующих характеристик защищаемой территории...
Дисциплины:
2019-08-07 | 160 |
5.00
из
|
Заказать работу |
Дешнаш дечу къамелехь цхьана билггалчу грамматически кепе дерзош цу дешнашкахь долу мукхаза аьзнаш шайн амалашца вовшах тардала йиш йолуш ду, мукъа аьзнаш санна. Аьзнаш вовшах тардаларца йоьзначу процессах ассимиляци олу (уподобление).
Мукъазчу аьзнийн ассимиляцин процессаш кхочушхуьлу дешнийн хlара грамматическ форманаш кхуллуш:
а) цхьадолчу цlердешнийн Дукх.терахьан форма кхуллуш; наращени -н- аз дуьззина тарло шена хьалха догlучу лардерачу мукъазчу озах. Масала: бух – баххаш (< бух-н-аш), шад – шеддаш (< шад-н-иш), амма хьун – хьан-н-аш (< хьун-н-аш)
б) цхьадолчу хандешнийн яхана яьлла хан кхуллуш, аффиксан - ина - декъера -н- дуьззина тардала йиш ю лардерачу мукъачу озах: вада – ведда (< вад-ина)
ала – аьлла (< ал-ина),
нагахь санна хандешнийн лардашкахь -л-, -д-, -т-, -т l - мукъаза аьзнаш хилахь, цу дешнашкахь мукъазчу аьзнийн юьззина ассимиляци кхочушхилла яьлла ю. Уьш доцурш кхин мукъаза аьзнаш хилахь цу хандешнийн ши форма лела хlинцалерачу нохчийн литературни маттахь: туоха – туоь хн а//туоь хх а
в) Дукх.терахьан цlердешнийн меттигниг дожаран форма кхуллуш даимна а кхочушхуьлу мукъазчу аьзнийн юьззина йоцу ассимиляци. Мет.дожаран аффикс - га- декъера зевне -г - тарло шена хьалха догlучу - аш, -иш аффиксийн декъера къорачу ш-нах: Цl.д. гоwраш
М.д. гоwрашка (< гоwраш-га).
Мукъачу фонемийн дистрибуци.
Мукъачу аьзнийн klаддаларца гатдалар.
Нохчийн меттан мукъачу аьзнийн системехь цхьа аз ду кlаддаларца гатлуш: уо.
Нагахь санна, цхьа билггала грамматически форма кхуллуш, V2-чохь аларца кlеда а, готта а и, ин хlоттахь. V1-чуьра уо > уь доьрзу. Цул сов, къевлина дешдакъа деллалуш хилахь
уо > уо > уь. И тайпа хийцам кхочушхуьлу дешнийн хlара форманаш кхуллуш:
1) цхьацдолчу цlердешнийн Дл.дожаран форма кхуллуш, аффикс – ин:
Цl.д. пхьуош
Дл.д. пхьуьшан (< пхьуош-ин)
2) цхьацдолчу хандешнийн хlинцца яхана хан кхуллуш, аффикс – ин:
туохан – туьхин (< туох-ин)
3) цхьацдолчу цlердешнашкахь а, билгалдешнашкахь а исторически кхочушхилла яьлла процесс:
уьраг (< уор-иг)
чуьраш (< чуор-иш)
шуьран (< шуор-ин)
буьдан (< буод-ин)
Шинхьа лелха мукъазнаш (абруптиваш).
Нохчийн меттан мукъазчу аьзнийн гуттаренна а хийцалуш йоцу амалш ю: гlовгlаной, мукъамой дакъалацаран барам; гlовгlа, мукъам кхоллаяларан меттиг; мухалла; уьш абруптивни хилар.
Дуккха а тайпанаш ду нохчийн меттан мукъазчу аьзнийн: гlовгlанах лаьтта мукъазнаш, сонорни мукъазнаш, лелха мукъазнаш, херо йолу мукъазнаш.
Иштта цаьрца нохчийн маттахь ду шинхьа лелха мукъаза аьзнаш. Царех абруптиваш олу. Уьш кхоллало багахь хилла къовлар бетан мускулаторо а йостуш, эшарпхенашкара къовлар пехаш чуьра догlучу хlавао а йостуш. Цхьацболчу lилманчаша царах двусмычни мукъаза аьзнаш а олу. Уьш хlорш ду: п l, т l, ц l, ч l, к l, къ.
Мукъачу аьзнийн гатдалар.
Нохчийн меттан мукъачу аьзнийн системехь аларца шуьйрачарех гатдала таро йолуш ду хlара мукъа аьзнаш: иэ, иэ, уо, уо.
Нагахь санна дешнийн грамматически форманаш кхуллуш, V2-чохь церан могlарера и, ин, у, ун хlоттахь, V1-чуьра иэ, иэ, уо, уо гатдала тарло.
1) V1 иэ, иэ - V2 и, ин -
иэ > и диэллан – диллин (< диэлл-ин)
иэ > и диэшан – дишин (< диэш-ин)
2) V1 уо, уо - V2 у, ун -
уо > у ъуоллан – ъулла (< ъуолл-у)
уо > у туохан – туха (< туох-у)
Нагахь санна къевлина дешдакъа деллалахь, йохалла гучуйолу, ткъа дешдакъа къовлалахь, йохалла йов.
И тайпа хийцамаш кхочушхуьлу дешнийн хlара форманаш кхуллуш:
1) цхьацдолчу хандешнийн карара хан кхуллуш, аффикс – у:
масала: кхуоллан – кхулла (< кхуолл-у)
дуоттан – дутта (< дуотт-у)
2) цхьацдолчу хандешнийн хlинцца яхана хан кхуллуш, аффикс – ин:
масала: лиэлхан – лилхин (< лиэлх-ин)
диэхан – дихин (< диэх-ин)
3) цхьацдолчу цlердешнийн Доланиг дожаран форма кхуллуш, аффикс – ин, ун:
масала: Цl.д. куоч
Дл.д. кучан (< куоч-ун)
Цl.д. куолл
Дл.д. куллан (< куолл-ун)
4) цхьацдолчу билгалдешнашкахь исторически кхочушхилла яьлла форма, аффикс – ин, ун:
масала: сирла (< сиэрл-ин) [сиэрлуо]
хира (< хиэр-ин) [хиэрдан]
Эмиссия газов от очистных сооружений канализации: В последние годы внимание мирового сообщества сосредоточено на экологических проблемах...
Состав сооружений: решетки и песколовки: Решетки – это первое устройство в схеме очистных сооружений. Они представляют...
История развития хранилищ для нефти: Первые склады нефти появились в XVII веке. Они представляли собой землянные ямы-амбара глубиной 4…5 м...
История создания датчика движения: Первый прибор для обнаружения движения был изобретен немецким физиком Генрихом Герцем...
© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!